Кхолламан цхьа де - стр. 6
ЦІеххьана – тІом. Цо дохийра Николайн доьзалан ирс. ТІом болабеллачу хьалхарчу деношкахь фашистийн бомбанаша дийра Николайн нана а, зуда а, кІант а…
Іилманча а цунах ца хили. Доьзал а бац. Аттала цуьнан ирс ца хили, и хьердаьлла фашистски экха, лаьллина, малхбузехьа а дигна, ша схьадаьллачу тунгари чу а доьллина, цигахь цуьнан корта отуш дакъалаца а. Ткъа цуьнан бІаьхаллин накъостий цига кхочуш лаьтта. Советски латта тоххара цІандина фашистех. ХІинца тІом Германин махка тІехь бу. Стохка дуьйна шаьш бинчу меттигашка йуха дІаоьху тІом болчу хенахь малхбалехьа кхелхина бахархой а. Цигахь йухаметтахІиттош йу йарташ, гІаланаш. Ткъа гвардин капитан хилла, амма хІинца заьІап хьехархо Бороденко кxy лаьмнашка а хиъна Іа.
ХІун дийр ду цо? Дийна йисина йиша а фашисташа Германе дІайигна. Хууш дац, иза дийна йу йац а. Цига йухавирзича а, дерриге а карладийр ду. Йуха а бастабаларна кхоьру хено берзийна деган чевнан муо. Изза кхоллам бу цуьнан зудчун а. Кху эвлахь, кху школехь девзина цаьршинна, кхузахь бозабелира цаьршиннан кхоллам.
Цуьнан майра а вийна Смоленскна уллохь хиллачу тIамехь, Курскехь йийна жима йоІ а. Цунна а ца лаьа Курске йухайерза.
Хало шераш ду хІорш. Цхьа къена нах боцурш, берриге а божарий фронтехь бу. Йуьртбахаман гІуллакх дерриге а зударийн кочахь дисина. Партийни а, советски а, колхозан а куьйгалла xІокху кхааннан карахь ду. Иза ша парторганизацин секретарь ву. Анастасия Федоровна – йуьртсоветан председатель, тІеман заьІапхо Сапар – колхозан председатель. Цара шайн ницкъ ца кхоош къахьоьгу фронтана. Дерриге а толамна, дерриге а оккупацех паргІатйаьхначу малхбузен областашна дІахьийзадо цара. Хала-м ду, амма йуьртара цхьа а вахархо вац чІеІаш. Царна хаьа, мостагІ вохийна, дІаваьккхича бен, Даймахкахь машаре дахар хІуттур доцийла. ХІинца цкъа-м хІор а доьзалехь бала бу. Дукха хан йу ловзарш, эшарш, самукъане иллеш ца хеза.
Йоьхначу тІе а таро йохийна нийсса шо хьалха кхуза балийначу нохчаша. ДІадаханчу шарахь, хІорш кхоъ мел гІертарх, цара латта дIа а ца дийра, массара а колхозан балха тІехь дакъа а ца лецира. Шаьш тахана-кхана Кавказе йухадоьрзур ду моьттуш, Іехабелла къинхьегамна йуьстахбевлла Іийра. Ткъа хІинца цаьрга мацалла хІоьттина. Махкаллин цамгарша ницкъ эшийна церан. Баларш хуьлу денна. Ткъа йуьртарчу Іедалан, колхозан а ницкъ бац царна гІо дан.
Складашкахь йолчух кІез-кІезиг дІало царна, амма цунах кхачо хилац. Шайга терра халачу хьоле хІиттийна цара бухара бахархой а. ТІом боцчу хенахь-м хІуттур дацара цаьрга и хьал, ткьа хІинца хала ду-кх.
Иза оцу гIайгІанечу ойланех йукъахваккха санна, цкъа-шозза меттах а хьайна, велхаозийра гаьнгали чохь вижина Іуьллу церан жима Вова. Николай Кузьмича, доккха са а даьккхина, шен кара къолам а эцна, хьалхауьйзира бицбелла Іохку Мария Петровнин дешархойн йозанан белхаш.
КІант а техкош, белхаш талла вуйлира иза. Амма хІинца цуьнан коьрте керла ойланаш хьийзара. Бес-бесара кехаташна, кехатийн кескашна тІехула йазйинчу хІор а цІеран шен-шен, амма цхьатерра биографеш йара. Петькин, Витькин, Аллин а дай фронтехь хІаллакьхилла. Доь доцуш вайна Маринкин да а. Любин да Прагехьа хьалхатеІаш ву, амма нана цомгаш Іуьллу.Ткьа Володин ваша, могІара салти, шина орденан кавалер ву. Машаре зама йелхьара, оцу берийн йаххьаш берийниш санна хир йара, ткъа хІинца уьш къеначу нехан санна йу.