Размер шрифта
-
+

Кхолламан цхьа де - стр. 3

– Пекъар, стенга воьдуш хилла-те иза?

– Стенга воьдуш хилла хир вара иза? Цхьа иэшам бац ткъа вай дерриге а арадаьхнарг! Кхалла хІума лаха вахана хилла хир ву-кх! Веза Дела, хьуна дика хаьа хир ду-кх. КІадйелла, настаршна чохь са ца дисина сан-м. Каррехь йегайо-кх. Жимма йал йей вайша?

Зану реза хиларе а ца хьоьжуш, гира махьаца цхьаьна тІуьначу лаьтта охьахиира Хелипат.

– Тамашийна стаг йу-кх хьо, Хелипат. Хьан амалех цецйолу-кх, со, –элира Занус ша, охьа а хиъна, паргІатйаьлча.

– ХІунда бах ахь?

– Даима нахах доглозуш, царна маслаІат дан гІерташ хуьлу хьо, ткъа хьайгарчу баланех лаьцна цхьа дош а ца олу. Са чІогІа стаг йу хьо. Велла Іуьллу и воккхастаг гича, со йелхаза ца Іейели, ткъа хьан бІаьргех хин тІадам а ца белира…

Хелипат цхьа гІайгІане йелайелира.

– ЭхІей, диканиг, дера, дукха ма йилхина. Ма дукха йилхина-кх. Дукха йелхарна, бІаьргаш чохь хи ца дисина. Дог доьлху, ткъа бІаьргех хи ца долу. Ас хьаьнга балхор бара сайгара бала? Хьанна оьшу сан балхамаш, цІийзар? Мила ву цхьа бала кийрахь боцуш, Дала делла Іеш? Цхьа а вац, Зану. Къанйелла со хІинца, мел йаьхча а, дукха йехар йац. Хала делахь а, Іожалло дІайиггалц садеттар ду ac…

– Иза а ду-кх бакъ. Делахь а, лаьа-кх шегара бала балхо, дог хьао, тІаккха шена синтем хир болуш санна. Велла Іуьллу воккхастаг гича, хилларш а, гинарш а дерриге карладевлла, ойла йеш йогІий со-м. Сан а дара да-наний, шиъ ваший. Вай цІера арадахале цхьа ах шо хьалха маре йахана со… ХІусамдеца кхуза йалийра. ТІамехь йаьккхина цхьа ност йоцуш вара иза. Ас иэша хІума-м ца дитира цунна… Кху аьхка кхелхина иза…

Логе гІертачу йелхаран къурдаша садукъдинчу Занус шен къамел сацийра.

– Хаьа суна, Зану. Вевзара суна иза. Аьтту ност йоцуш, озо йеха йуьхь-марш йолуш, Іаьржачу аматехь, хьийзина Іаьржа корта а болуш безамехь жима стаг. Некха тІехь ордалш а хуьлура цуьнан.

– ТІамехь хьуьнар гайтарна йеллера цунна уьш. Цхьаъ ордал йара, шиъ мидал йара. Жима пІаьлдаг бина, кучана чухула коча а тесна, йиллина дІа сайн дегІаца лелош йу сан уьш. Ткъа сайн нахах хилларг хаац суна вай арадаьхначу дийнахь дуьйна.

БІаьргаш буьззина чухІиттина бІаьрхиш, тІех а даьхкина, татолашца беснешна тІехула охьахьаьлхира Занун. Шен коьрта тиллинчу тишачу йовлакхца хиш дІа а хьоькхуш, кийрахь йоьлхура иза.

– Дера, хаац суна-м, Зану, хІун дийр ду. Цхьа Делан болх бу-кх хІара. Дала динчунна реза а хилла Іийча, хьегнарг цхьа йал йоцуш довр дац хир ду вайн. Дависарг, Іовдалш хили вай-м. Maxкaxдахар гІалат ду, нийса дац, цунах кхеттачу Іедало йуха цІадерзор ду бохуш, колхозо ваьшна деллачу лаьтта тІе стохка бІаьста йалташ ца дийра. Цундела кху бухахь долчу къоманачул хьалха мацалла хІоьттина вайга. Вай, схьа ма-кхеччи, дерриге балха а девллехь, вайна къастийначу латтанаш тІе йалташ а дийнехь, кху хьолехь ца хила а мегара…

– Ма дийцахьа, Хелипат, – элира Занус, доккха са а даьккхина. – Дукха бехк а бацара нехан. Тахана-кхана цІа доьрзу бохуш, кху махках дог ца леташ Іийра-кх. ХІинца а ву массо шаьш Даймахка йухадерза кхана новкъа девр ду моьттуш. Со а, хьо а теша цунах. Вайна иза дагара баьлла минот йац, аттала гІенах а. Ткъа масазза кечйелла со новкъа йала, сайн миска къелгаш1 дІа а хьарчийна? Мацца а цкъа со новкъа йалахь, баа хир бу бохуш, дІабиллина латтош ши кийла мекхан цу бу сан… Латта-м ца дийра. Цкъа-делахь, вай дІагІур ду моьттура, шолгІа-делахь, кхузара латта вайн махкараниг санна лелош дац. Кхузара латта лело говзалла ма йеза.

Страница 3