Дарц - стр. 5
Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а хIоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. ТIаккха, коьртара картуз дIа а йаьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, йуьхьах а хьаькхна, гондIа бIаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тIехула айаделла лаьтта йеттинчу кибарчигех дина доккха цIа. Шуьйрачу неIаран а, шина коран а тIехуле дIалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тIехь Iaьpжачу элпашца доккха йаздина дара: «Товары купца Носова». И цIа а, и туька а, йа xIapa базар а йацара ткъе ворхI шо хьалха, xIapa некъахо кхузара дIавоьдуш.
Шен чамда кара а лаьцна, базар йукъа велира некъахо. Вевзарг гape догдохуш, лерина нехан йаххьашка а хьоьжуш, базархула масех гуо баьккхира цо. Цунна бевзарш хила а тарлора кхузахь, амма оцу ткъе ворхI шарахь церан йуьхь-сибат цадовззал хийцаделла хир дара. Вевзарг карорах дог а диллина, зударийн базар йолчу а вахана, цхьаьнгара эцна нехчин межарг, газета йукъахьарчийна, кисана а таIийна, йуьстахвелира иза.
Хулхулон тогIи чу боьдучу новкъа цхьа-ши бIе гIулч охьа а вахана, аьтту aгIop дIахьаьвзина, стоммачу, лекхачу, бурсанечу попа кIел хаза тодинчу шовданна гергахьо сецира.
Попан зоьрталчу орамашна бухара схьадуьйлу шовда тодинера, стеган локхаллин барамехь тIулган экъанех кхаа aгIop пен а боьттина, тIехула герагийн жима тхов а тиллина. Пенна йуккъе йоьллинчу аьчган биргIи чухула комаьрша схьадогIучу сирлачу хи кIел гIели диллина цIестан кIудал а хIоттийна лаьттара йалхитта-вуьрхIитта шо хенара шега хьоьжуш Iалла хаза йоI. Шовданна герга веана стаг гича, кIудал хи кIелхьара дIа а йаьккхина, пенах боьллинчу хьостамах кхозу кхийра зока схьа а эцна, некха тIехула охьакхозу стомма, йеха Iаьржа кIажар, йайн ластийна, букъа тIехьа а тесна, стагана тIе а йеана, цуьнга хи кховдийра цо.
Некъахо масех секундехь лаьттира, зока схьаэца иэс ца кхочуш. Оцу секундашкахь цунна карладелира ткъе иттех шо хьалха хIоьттина сурт. ХIетахь, БуритIахь дешна а ваьлла, гуттаренна а винчу йуьрта цIа вирзича, хьалхе дуьйна а шен безам баханчу йоIе дагара дийца хин коьрте вахара иза. Цунна йезаелларг а йара хIокху йоьIан хеннара, оццу дегIахь, иштта йуьхь-сибат а долуш, иштта Iаьржа, йуькъа месаш а йолуш. Оцу дийнахь дуьххьара а, тIaьxхьара а йоIе безамах лаьцна вистхиллера иза, дуьххьара а, тIаьххьара а йоIа кховдийна хи а меллера цо. Оцу йоIа тIе ца лецира цуьнан безам, шен дог кхечунна дIаделла ша аьлла. Хьолахочун кIант а, дешна а волу xIapa дIа а теттина, къен а, цхьалха а волчу кхечу къоначу стаге йахара иза…
ЦIеххьана саметта веанчу некъахочунна гира, гуьлмаьндин тIемаг бете а лаьцна, шега хи а кховдийна лаьтташ йолу къона йоI. Некъахо шега хьажавелча, шен Iаьржа бIаьргаш лаьтта дуьйгIира йоIа. Ца деззашехь, лаххьийна хи дIа а мелла, зока йуха дIакховдийра некъахочо.
– Баркалла хьуна. Хи мел дезачунна йезийла хьо, дуьненах йоккхаеш, Дала дукхайахайойла хьо.
КIудал белша тIе а йиллина, цхьа-ши гIулч некъахочунна тIейеара йоI.
– Суна хетарехь, кху мехкан воцу хьаша ву хьо, – элира цо шовданах тера декачу озаца. – Йа кху махкара велахь а, гена некъара веана. Соьца дIавола, оха веза хьаша вина тIеоьцур ву хьо. Сан да а, йалх ваша а ву.
– Баркалла. Дала ийман-беркат ма эшадойла шун комаьршачу хIусамера. ХIинца сан гена ваха а ца деза. Дала ирс ма дойийла хьан.