Дарц - стр. 19
ТIаккха ГушмацIагIеран цIахь цхьа а боьрша стаг ца висира. Итт шо хенара Бийсолта воцург. Зударий ца ларабора дохнаца а, керт-коврачу гIуллакхашца а. Солтамурд маьрша витахьара аьлла, дехар дан Беци а, Зезаг а Добровольскийна тIейахийтира Зеламхас. Амма округан начальнико цаьршинца къамел а ца дира. Заддаш, кхахьпанаш бохуш, йаппарш йеш, эккхийра. ТIаккха цхьана буса Зеламха ша вахара Добровольский волчу. ГIопехь ха деш болу салтий Зеламхас кхерийнера. Цул совнаха, царна дош деллера цо начальникана цхьа а тайпа зен ца дан. Салташа къайллах гIопа чу витира иза. Подполковник шен хIусамехь охьавижа кечвелла карийра цунна. Зеламха, бIаьрг ма-кхийтти, вевзира подполковникна, амма воьхна ца хьаьвзира. Хетарехь, иза тешна вара арахь сема лаьттачу салтех. Цул совнаха, Зеламха машарна веана аьлла а, хийтира цунна. Зеламхас, хьийзораш а ца йеш, къамел долийра.
– Полковник! Тхан а, ЭлсангIеран а девнна йукъа а гIоьртина, лецна тхо Сибрех дахийти ахь. Сох обарг винарг а хьо ву. Сан зуда жимачу бераца набахти а кхоьссина, цуьнга оцу чохь кхо бутт хан йаккхийти ахь. Къена сан да хьийзош, бIарзвина, сох схьакхетийти ахь. Тхан мостагIаша а чIирах маьрша витина, цомгаш, гIийла сан воккхахволу ваша а набахти воьллира ахь. Оцу дерригенах тоам ца хилла, дог ца Iаьбна, хIинца сан ваша Солтамурд а, хIокху махкара эккхийна, ДегIастана вахийти ахь. Тхан кертахь цхьа а боьрша стаг ца висина. Зударий ца ларабо бахамца. Солтамурд соьца а вац, ас лелочу гIуллакхийн декъахь а вац. Цуьнан карах цхьа а стаг а ца велла, цо Iедална дуьхьал дина хIyмa а дац. И сан ваша ма хьийзавехьа, полковник, тхан йуьртахь, тхан кертахь маьрша ваха витахьа иза. ЭлсангIеран а, тхан а мостагIаллина йукъа а ма гIертахьа. Иза тхан тхешан, нохчийн, гIуллакх ду…
Добровольский ца Iийра Зеламха дийцина валлалц.
– Хехой! – чIоггIа мохь туьйхира цо.
Зеламха велавелира.
– Цаьргара орца хир дац хьуна, полковник. Нагахь уьш хIокху чу гIортахь, ас дерриг а дойур ду шу. Уггар хьалха хьо а вуьйш. Ас хIинца ца вуьйш вуьту хьо. Оцу мискачу салташна бохам бан ца лаьа суна. Амма хаалахь, хьо а, Чорни а, лаьттах воьлча а, стигала ваьлча а, сан дIаьндаргах кIелхьарвериг цахилар.
Зеламха, дуьхьало йоцуш, парггIат гIопах ара а ваьлла, дIавахара.
Стаг вийна, йукъа мостагIалла деача, зударий а, пхийтта шаре кхаччалц хан йолу божабераш а чIирах маршабоху нохчийн Iадато. Уьш байа а, цIepa, йуьртара арабаха а бакъо йац. ГушмацIин зуда Билкъис, Бийсолтин нана, ЭлсангIарах йара. Нохчийн къоман Iадат лардеш, Билкъис ца йитира ГушмацIас, йа дов дина дIа а ца йахийтира. Зудчуьнца къийсар нийса ца догIура нохчийн гIиллакхехь. Делахь а буьрса амал йолчу ГушмацIас, цкъацкъа ша оьгIазвахча, тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора зудчунна, йен кхерамаш а туьйсура. Ткъа Билкъис шек дIа а ца йолура. Хаьара шен майра къоман гIиллакхах вухур воцийла.
Амма ЭлсангIеран зударша кертара арабовла ца буьтура ГушмацIагIеран зударий. Тезий, маьттазий багош лееш, сардамаш доьхуш. Церан божабераша Бийсолта а хьийзавора, ловза аравала ца вуьтуш. Мосазза а йетташ меттиг хиллера. Вукху aгIop, Iедало а хьийзабора ГушмацIагIеран зударий, обаргаш бевлла лела шайн божарий совцабе, уьш Iедална тIебахкийта бохуш. Шинне aгIopхьарчара хьийзош, бIарзйина Беци а, Зезаг а, божарех дага а йаьлла, кертара даьхни дIа а доьхкина, сал-пал а, йийбар а гергарчарна дIа а йекъна, оцу кертара дIа а йаьлла, шен ден цIа дIайахара. Бецис шен ден цIахь дуьнен чу ваьккхира Зеламхин дуьххьарлера кIант Мохьмад. Наггахь буьйсанна, адамаш набарна дIатийча, къайллах шен доьзал болчу воьдура Зеламха. Муслимат а, Энист а хьоьстура, боккхачу безамца, дегайовхонца жимачу Мохьмаде а хьоьжура. Бецина маслаIат дан а гIертара, хIинца Россехь берриг а оьрсий паччахьна дуьхьал гIевттина, цара иза дIавоккхур ву, паччахьан Iедал дохор ду, тIаккха ша маьршавер ву, вай машаре дехар ду бохуш. Бакъду, Зеламха ша а ца тешара ша дуьйцучух. Делахь а иштта хиларе сатуьйсура.